Урок №2 Цхьалхечу предложенин кепаш. Урок 95 ру
Урок №8 Хандешнийн лааран саттам
Адамаш кхетош - кхиорехь ондда г1ирс бу мотт. Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза а, нохчийн оьзда г1иллакхаш довза а.
Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман а хазалла йовза.
Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман оьздангалла, литература, искусство. Цундела муьлхха а мотт байча, метта х1отталур доцу зен хуьлуш ду дуьненчохь дехачу массо а адамашна.
Дала ницкъ, иман, лаам ч1аг1бойла вай нохчийн мотт 1амо а, кхиабан а.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хандешан лааран саттам муха кхоллало, дешан х1оттам билгалбоккхуш иза муха толлу.
Вайна ма хаъара,гайтаран кепе хьаьжжина хандешан коьрта биъ саттам бу: билгала, бехкаман, лааран, т1едожоран.
Дар я хилар кхочушхила лаар гойтучух лааран саттам олу.
Лааран саттам кхоллало хандешан билгалзачу кепана т1е -хьара, карарчу хенан хандашна т1е – йла, (-ийла) – да (лда) суффиксаш кхетарца. Масала :
1.«Аьллачуьнга ладог1ахьара кегийчара»,- элира воккхачу стага.
2.Хьайга дуьйцург хьуна хазахьара, хьо иштта ледара хир вацара.
3. Хьан дахарехь ирс, аьтто хуьлийла лаьа суна.
4.Дела реза хуьлда хьуна а.
5.Марша г1олда хьо, т1ам сийна кхокха! 6.Марша г1ойла хьо, тхан хьоме дада.. ^
1-чу предложенехь ладог1ахьара хандош лааран саттамехь ду- иза кхолладелла ладог1а бохучу хандешан билгалзачу кепана т1е -хьара суффикс кхетарца.
2-чу предложенехь хазахьара боху хандош лааран саттаме дирзина хаза бохучу хандешан билгалзачу кепана т1е – хьара суффикс кхетарца.
3-чу предложенехь хуьлийла боху хандош лааран саттамехь ду, иза кхолладелла карачу хенан хандашна т1е – ийла суффикс кхетарца.
Г1ойла хандош – йла суффиксан г1оьнца кхолладелла. Хуьлда, г1олда боху хандешнаш кхолладелла –лда,- да суффиксийн г1оьнца.
Хандешан билгалчу саттамна т1е г1оьналлин хандош- делара,велара, елара, белара- кхетарца а кхоллало хандешан лааран саттаман кеп.
Масала:
И кехат дешна делара ахь, Асет.
Тхоьга веъна велара и хьаша.
Соьга кхайкхина елара хьехархо.
Ахьчул хьалха ас баьккхина белара и кхаъ.
Х1окху предложенешкахь хандешан лааран саттаман кепехь ду: дешна делара, веъна велара, кхайкхина елара, баьккхина белара боху хандешнаш.
Лааран саттамехь долчу хандешнийн дешан х1оттам къастош болх бийр бу вай х1инца.
Дагадаийтий вай муьлхачу дакъойх лаьтта дош:
Дешхьалхенах, орамах, суффиксах, лардах, чаккхенах.
Суффиксийн г1оьнца кхолладеллачу лааран саттаман хандешнийн х1оттам билгалбоккхур бу вай.
Ладог1ахьара – чаккхе яц, лард -ладог1ахьара,
орам- ладог1, дешхьалхе яц, а- инфинитиван суффикс, хьара – хандешан лааран саттаман суффикс.
Хуьлийла – чаккхе яц, лард –хуьлийла, орам -хуьл, -ийла хандешан лааран саттаман суффикс, дешхьалхе яц.
Г1ойла-чаккхе яц, лард -г1ойла, дешхьалхе яц, орам- г1о, - хандешан лааран саттаман суффикс-йла .
Хуьлда – чаккхе яц, лард- хуьлда, орам -хуьл, дешхьалхе яц, хандешан лааран саттаман суффикс – да.
Г1олда- чаккхе яц, лард - г1олда, орам-г1о, дешхьалхе яц, хандешан лааран саттаман кепан суффикс – лда.
1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушде вай .
Х1окху предложенешкара лааран саттаман хандешнаш билгалдаха, церан кхолладаларан некъаш а дуьйцуш.
Ц1а веана дика ду, эзар балех волийла.
Дела реза хуьлда хьуна а.
Х1инцалерчех тера а воцуш, вуьззина нохчо- м вара.
Сайн цхьаъ бен йоцу йо1 Маьлх-Аьзни цо йигарна кхоьру-кх.
Дала лардойла вай и де гарх. Баркалла шуьшинна.
Дукха вехийла шуьшиъ. Некъ дика хуьлда шуьшиннан. Марша 1ойла хьо, тхан нана .
Куьйра , баркалла хуьлда хьуна , ахь суна динчу г1уллакхна.
Куьйра, 1одика йолда хьан.
Нийса жоп:
Х1окху предложенешкахь лааран саттаман хандешнаш ду:
волийла, хуьлда, лардойла, вехийла, 1ойла, йолда.
лааран саттаман хандешнаш кхолладелла –ийла,-да, -йла, -лда суффиксийн г1оьнца.
Тахана вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Т1адамийн меттана лааран саттаман хандешнаш а дохкуш, д1аязъе предложенеш.
Г1оьнна дешнаш: 1олда, воьрзийла, хуьлда, леладойла, кайолийла, боккхийла, волийла, ма дойла, бехийла, хуьлда, кхочийла.
Х1ан, сан к1ант, х1орш ду хьан дас лелийна герзаш.
Г1оза а, декъала а … ахь уьш. Толамца … хьо ц1а.
Хьо марша …,аренан мангалхо.
Некъ дика … хьан, мехкан воцу хьаша.
Диканца дукха … хьо, сий- долу кхокха. Мегар ду, Куьйра, сий … хьан. Леча, Лема! Эзар балех … шуьшиъ. Шен дог лаьттачу … халкъан г1уллакх мел лоьхург. Толам декъал … вайн, доттаг1ий!
Т1едилларан нийса жоп иштта хила деза:
Х1ан, сан к1ант, х1орш ду хьан дас лелийна герзаш. Г1оза а, декъала а леладойла ахь уьш. Толамца воьрзийла хьо ц1а. Хьо марша вог1ийла, аренан мангалхо. Некъ дика хуьлда хьан, мехкан воцу хьаша.
Диканца дукха бехийла хьо, сийдолу кхокха. Мегар ду, Куьйра, сий хуьлда хьан.
Леча, Лема! Эзар балех волийла шуьшиъ. Шен дог лаьттачу кхочийла халкъан г1уллакх мел лоьхург. Толам декъал хуьлда вайн, доттаг1ий!
Х1окху урокехь вай бевзи хандешан лааран саттам, предложенехь иза къасто ,талла а , цуьнан х1оттам билгалбаккха а 1еми.
Пайдаэцна литература:
1.В.Я.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт 7 класс» ГУП «Книжное издательство» 2001 г.
2.Эсхаджиев Я.У. « Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а. пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 г.
3.Эдилов С.Э.Практикум чеченского языка.Учебное пособие. Грозный .Издательство «Арфа-пресс», 2011 г.
4.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-Г1ала 2012 ш.
5.Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-Г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010 г.
urok95.ru
Урок №21 Аьзнийн кхолладалар.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой. Тахана урокехь аьзнийн кхолладаларх лаьцна дуьйцур ду вай. Юьхьанцарчу классашкахь 1амадаре терра, вайна массарна а хууш ду предложени дешнех лаьтташ хилар, дешнаш- дешдакъойх, дешдакъош элпех лаьтташ хилар.Ткъа стенах олу аз? Муха кхоллало и?Багахь олуш а, лергашна хезаш а долчух аз олу. Аьзнаш 1амочу 1илманах фонетика олу. Фонетика грекийн дош ду, вайн маттахь фонетика – «фоне» – аз, йиш, бохург ду. Аьзнаш х1аваах кхоллало, уьш кхоллалуш коьрта меттиг д1алоцу матто, кхийолчу меженаша цунна г1о до.Масала: лор, кор, толам, доьхка, бамба, дарба, латта, меттиг.Йозанехь аьзнаш элпашца билгалдоху. Куьйга яз а деш, б1аьргашна гуш долчух элп олу.Дешнаш нийса д1а а доьшуш, хьовсур ду вай х1ора дашехь маса аз, маса элп ду:Малх, газа, алкханч, хьач, хаттар.Малх - 4 аз (м, а, л, х),4 элпГаза - 4 аз (г, а , з, а), 4элпАлкханч - 6 аз (а, л, кх, а ,н, ч), 6 элпХьач- 3 аз (хь, а, ч), 3элпХаттар-5 аз (х, а, т, а, р), 6 элп.Х1инца хьовсур ду вай маса аз ду х1окху дешнашкахь а:хьаша– (хь), (а), (ш), (а) – 4 аз говр– (г), (о), (в), (р) – 4 аз зурма– (з), (у), (р), (м), (а) - 5 аз ч1ара– (ч1), (а), (р), (а) – 4 аз цициг– (ц), (и), (ц), (и), (г) - 5 аз олхазар-(о), (л), (х), (а), (з), (а), (р) – 7 аз Нохчийн маттахь оьрсийн маттахь санна аьзнаш шина декъе декъало: цхьадерш вайга хецна алало, цхьа а дуьхьало йоцуш, ткъа вуьйш олучу хенахь цхьацца дуьхьало йолуш, мелла а хала алало.Хьовсур ду вай х1инца х1окху дешнаш юккъера, цхьа а дуьхьало а йоцуш, хецна алалуш долу аьзнаш билгалдийр ду вай:Хазалла, къолам, бода, х1усам, стигал.Хазалла – х1окху дашехь 6 аз ду, 7 элп ду. Хецна, цхьа а дуьхьало а йоцуш алало а – аз. Къолам – кху дашехь 5 аз ду, 5 элп ду. Хецна алало аьзнаш о, а.Бода – бохучу дашехь 4 аз ду, 4 элп ду. Хецна алалуш долу аьзнаш о, а ду.Х1усам – 5 аз ду, 5 элп ду. Хецна вайга алало у, а аьзнаш.Стигал – х1окху дашехь 6 аз ду, 6 элп ду. Хецна алало вайга аьзнаш и, а.Х1окху дешнашкахь вай билгалдаьхнарш мукъа аьзнаш ду, вуьйш мукъаза аьзнаш ду.Т1ейог1учу урокашкахь вай къаьсттина дуьйцур ду царех лаьцна.1амийнарг т1еч1аг1деш ц1ахь 5-чу классан нохчийн меттан учебник т1ера 24-г1а бакъо карлаяккха.Кху т1ехь вай урок чекхйолу. 1одика йойла шун. Марша 1ойла.
urok95.ru
Урок №02. Синтаксисах кхетам
Кхидолу меттанаш санна, нохчийн меттан 1илма а масех декъе декъало. Цуьнан цхьа дакъа ду синтаксис.Синтаксис грекийн дош ду. Вайн матте даьккхича - д1ах1оттор, вовшахтасар, цхьана бакъоне далор боху маь1наш ду оцу дешан.Синтаксисо 1амадо дешнийн цхьаьнакхетаршший, предложенешший. Текст юкъахь маса предложени ю?:Лекхачу ламанан басахь, йоккхачу хьуьна юккъехь, 1уьллу цхьа жима к1отар. Цунна т1ебоьду г1ашлойн боккха некъ набарх ца баьллера шен доьзалца Зеламха цу к1отарна герга кхаьчначу хенахь. Къайладовла кечделла седарчий а лаьттара, вовшашка д1асадовла вай бохург хоьттуш санна, б1аьцаш еш. Махо лесточу диттийн г1аша ден тата доцург кхин цхьа а г1овг1а яцара арахь. (Мамакаев М.А. «Зеламха») Х1окху текстехь 4 предложени ю. Кхузахь х1ора предложенино кхочушхилла яьлла ойла а гойту, церан чаккхенгахь сацаран хьаьркаш а ю.
Предложенехь дешнийн вовшашца уьйр хуьлу.Школан майданахь ловзу бераш. (х1ун до?) - ловзу, ловзу (мичахь?) майданахь(стенан?) - майданахь - школан.
Предложенехь вовшашца уьйр йолуш, вовшех дозуш долчу дешнех дешнийн цхьаьнакхетар олу. Оьрсийн маттахь - словосочетание.Предложенехь дешнийн цхьаьнакхетарш билгалдаха:Бераш довхачу дийнахь хьуьнах экскурсе дахара. Х1окху предложенехь дешнийн цхьаьнакхетарш иштта ду:дахара (мича?) экскурсе дахара (мича?) хьуьнах дахара (маца?) дийнахь дийнахь (мухачу?) довхачу
Синтаксисо дешнийн цхьаьнакхетаршший, предложенешший 1амайо. Шина б1ог1амалгара цхьаьнадог1у дешнаш вовшахтоха, маь1ница дог1у хаттарш х1иттаде: Хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш:вахара сийначу чехка оьздачуОргананийцира Шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш:г1иллакхцатулг1ешхьуьнахбацалахьговртаханаНийса дешнаш вовшахтохар иштта хуьлу:вахара (стенга?) хьуьнахсийначу (мухачу?) бацалахьчехка (муха?) говр оьздачу (мухачу?) г1иллакхца Органан (стенан?) тулг1еш ийцира (маца?) тахана Вай вовшахтоьхначу дешнех дешнийн цхьаьнакхетарш хили. Муха хиира вайна уьш дешнийн цхьаьнакхетарш дуй? Церан вовшашца уьйр хиларх а, уьш цхьаъ вукхунах дозуш хиларх а хиира.Дешнийн цхьаьнакхетарехь дешнийн вовшашца уьйр хуьлу. Иза хаттарца къастайо.Вай тахана дийцира синтаксисах лаьцна.Цунах лаьцна х1ун хии вайна?Синтаксисо дешнийн цхьаьнакхетарш а, предложенеш а 1амайо.Кху т1ехь урок чекхйолу. 1одика йойла!
- Пайдаэцна литература:В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
- Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
- Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
- Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
- «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
- Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
- Урок кечйинарш:Хумакиева Зара ХасмагомедовнаУсманова Тумиша Индербиевна
urok95.ru
Урок №2 Цхьалхечу предложенин кепаш
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Вайн 1илманчаша ма–баххара, нохчийн мотт шен дешнийн барамца йист йоцуш бу. Боккха бу цуьнан ницкъ а.
Цундела, вайн декхар ду аьлла, хета суна, иза к1орггера 1амо, хаза бийца. Цуьнца доьзна д1адоьшур ду вай х1ара мог1анаш
Дуьненан хазалла йовза лаам белахь,
1илмане даимна а кхийдалахь.
Кху мог1анаша вайна хьоьху, стага ша дуьненахь йоккху хан муьлхха делахь а 1илма 1амош, шен хаарш совдохуш, яккха езар.
Тахана, хьоме дешархой, вай шуьца юьйцур ю цхьалхечу предложенин кепаш.
Цхьалхечу предложенин кепаш х1орш ю:
- Юьхьан
- Билгала-юьхьан
- Билгалза-юьхьан
- Юкъара-юьхьан
- Юьхьза
- Ц1еран
- Юьззина
- Юьззина йоцу.
1. Шена чохь подлежащи а, сказуеми а долчу предложених юьхьан предложени олу.
Къонахчо шен дош лардо.
лардо - сказуеми
къонахчо - подлежащи.
2. Шена чохь подлежащи доцуш, сказуемино формица а, маь1ница а иза билгалдечу предложених билгала-юьхьан предложени олу.
Дийцахьа, муха дара цигахь.
Дийцахьа - сказуеми (дуста: дийца ахь )
Цу предложенехь дийцахьа бохучу сказуемино билгалдо подлежащи (ахь).
3. Шена чохь подлежащи доцуш а, юьхь билгал ца еш а йолчу предложених билгалза-юьхьан предложени олу.
Гурахь ялта чудерзадо.
чудерзадо-сказуеми.
Цу предложенехь г1уллакх кхочушдийриг маь1ница хаа йиш ю.
4. Шена чохь подлежащи доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлучу предложених юкъара-юьхьан предложени олу.
Барзана бага п1елг ца буьллу. (цхьаммо)
ца буьллу - сказуеми.
Коьртачу декъана юкъара-юьхьан предложени кицанах хуьлу.
5. Подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцчу предложених юьхьза предложени олу.
Бешахь тийна дара.
тийна дара - ц1еран х1оттаман сказуеми.
арахь ц1еххьана т1еян йолаелира.
т1еян йолаелира - хандешан х1оттаман сказуеми.
Коьртачу декъана юьхьза предложени ц1еран я хандешан х1оттаман сказуеми юкъадог1уш хуьлу.
6. Подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцчу предложених ц1еран предложени олу.
Тийна суьйре.
суьйре - подлежащи.
7.- Ткъа иштта предложенеш кхин а юьззина, юьззина йоцу хила тарло.
Дешнаш ца эшош, аьллачу предложенех юьззина предложении олу, ткъа дешнаш эшош аьллачу предложених юьззина йицу предложении олу. Иза вовшашца дечу къамелехь (диалогехь) нисло, иза хуьлу хаттарна лучу жоьпах.
Нанас Заргане хаьттира:
Хьо соьца школе йог1ий? (юьззина предложени ю)
Йог1у. (юьззина йоцу предложени ю).
Юста: Со хоьца школе йог1у.
Х1инца вайн хаарш зерхьама, иштта т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Вайн г1арабевллачу яздархойн, поэтийн байташ юкъара мог1анаш доьшуш, предложенийн тайпанаш къастор ду вай.
Нийсархойн безаман
Сий-пусар делахь.
Доттаг1ий боцург а
Цхьалха ву хьуна!
Доьзалан да хилча,
Берийн хам белахь.
Цхьа зама йог1ур ю
Уьш оьшуш хьуна!
(Мамакаев 1аьрби)
Хьалхарчуй, кхоалг1ачуй преложенешкахь подлежащи дац, сказуемино шен формица юьхь билгалйо. Уьш билгала-юьхьан преложенеш ю.
1аьржа буьйса! Буьрса буьйса!
Дарцо левси кхийсайо.
Дино лергаш дуьхьалтуьйсу…
Халчу новкъа вог1у со.
(Сулейманов Ахьмад).
Хьалхарчу шина предложенехь подлежащи бен, кхин коьрта меже яц. Уьш ц1еран предложенеш ю.
Эццехь д1ахьаьжначохь некъан йист кхолуш,
Чурт гира… цхьанна-м х1оттийна лоруш.
Чурт гира… цунна т1ехь, теллича меллаша,
Шен ц1е а йийшира, малх хиларх шеллуш.
(Гацаев Саь1ид).
Х1окху предложенешкахь подлежащи дац, юьхь билгал ца йина. Уьш билгалза-юьхьан предложенеш ю.
Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай , кегаделла д1асадаьржина кицанаш а, аларш а схьагулдеш, т1аккха цу предложенийн тайпанаш билгалдохур ду.
- Корта, хьекъал, ца хила, когаш, къахьега.
- Дика, пхьид, шен,1ам, хестабан.
- Нах, дин, хатт, восса.
- Къолам, яздинарг, диг, хадалур дац.
1.Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. (юьхьан)
2.Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. (юьхьан ).
3.Нехан динара хотталахь вуссу. (милла а – юкъара-юьхьан).
4.Къоламца яздинарг дагарца хадалур дац. (цхьаьнгга а – юкъара-юьхьан).
Цу кеппара, тахана урокехь вай кхин цкъа а т1еч1аг1ди предложени ойла йийцаран а, гайтаран а г1ирс хилар. Цуьнца цхьаьнадог1уш ду интонационни чекхдалар а, маь1нин а, грамматически а вовшахкхетар а.
Ткъа оцу дерригено а кхин цкъа а гойту вайн мотт хьалдолуш хилар.
Кхузахь дало дог1у сийлахь-воккхачу яздархочун Арсанукаев Шайхин байта т1ера мог1анаш.
Ладог1а цкъа соьга, хьекъале корта,
Ладог1а яккхий д1а лергара потт.
Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шорта,
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт!
Экспресс - тест нохчийн меттан урокан:
1. Схьакарае предложени, шена чохь х1оттаман подлежащи долу.
А) Юург- дег1ан кхача, наб-син кхача.
Б) Фонетика къамелан аьзнийн 1илма ду.
В) Хьехархо хилар атта г1уллакх дац.
Г) Х1етте а дог дог1уш хьаьвсира берриш а.
2. Схьакарае шена чохь хандешан цхьалхе сказеми долу предложени.
А) Цхьаболчарна х1ара г1уллакх тамашена хетта.
Б) Музей баханарш сихха схьакхечира.
В) Адам шега деана кехат сихха деша х1утту.
Г) Х1ума хаар – нахе ладог1ар.
3. Шена чохь логически подлежащи долу предложени билгаъяккха.
А) Хи гуттара а цхьана хорша ца лела.
Б) Денлуш долчу 1аламо дог-ойла г1аттайора берийн.
В) Генарчу вешел гергара лулахо тоьлу.
Г) Массо а резахилла Лоьмо бохучунна.
4. Схьакарае хандешан х1оттаман сказуеми долу предложени.
А) И яра Даймехкан б1аьстенан 1уьйре.
Б) Гинарг хезначул ч1ог1а ду.
В) Байн хьоькхучу мохо г1ийла лестадора г1аш.
Г) Бено книжка еша волавелира.
5. Къастае ц1еран х1оттаман сказуемица йолу предложени.
А) Аьхка хьалххе сахуьлу.
Б) 1уьйранна дашо малх схьакхийтира.
В) Ма самукъане ду-кх дуьненахь ваха.
Г) Иза-м вуно атта къастор ду.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала ГУП «Книжни издательство» 2007
2. З.Д.Джамалханов « Нохчийн мотт » II дакъа Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийн студенташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство 1985
3. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо
4. Эдилов С. Э. «Самукъане грамматика» 5-11кл Соьлжа-г1ала 2012 шо.
5. Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.
Кечйинарг: МБОУ «Гимназия №4
нохчийн меттан, литературин хьехархо
Хумакиева Зара Хасмагомедовна
urok95.ru
Урок №34 Дацаран ц1ерметдешнаш а, церан легар а
Вай кхид1а а дуьйцур ду ц1ерметдешнийн тайпанех лаьцна.
Тахана вайна девзар ду дацаран ц1ерметдешнаш.
Оьрсийн маттахь «отрицательные местоимения»ду уьш.
Вайн маттахь дацаран хуьлу уьш. Муха кхета вай дацаран бохучу дашах?
Дац бохург дуй иза? Бакъоно х1ун боху хьовсий вай?
Дацаран ц1ерметдешнаша х1ума я адам цахилар гойту. Уьш дукха дац:цхьа а(цхьаъа а),аддам а,х1умма а. Дацаран ц1ерметдешнаш дукхаллин терахьехь ца лела.
Цхьа а вац, аддам а дац, х1умма а яц.
Дацаран ц1ерметдешнех пайда а оьцуш, предложенеш х1иттор ю вай.
Кхин цхьа а ледарло йолуьйтур яц ас сайгара.
Хьо волчу чохь аддам а вуй?
Оха х1умма а вониг ца дина.
Х1окху предложенешкахь цхьа а, аддам а, х1умма а дацаран ц1ерметдешнаш ду.
Дацаран ц1ерметдешнаш дожаршца хийцало. Масала:
Лаамаза кеп: Лааме кеп:
Ц1. цхьа а к1ант цхьа а
Дл. цхьана а к1ентан цхьаьннан а
Л. цхьана а к1антана цхьанна а
Др. цхьана а к1анта цхьаммо а
К. цхьана а к1антаца цхьаьнцца а
Х. цхьана а к1антах цхьаннах а
М. цхьана а к1анте цхьаьнгга а
Дс. цхьана а к1антал цхьаннал а
Дицдан ца деза, уьш ц1ердешнаш санна легалуш хилар а, церан лардашкара шала мукъазнаш лач дожаршкахь дуьсуш хилар.
Ткъа х1инца, х1окху предложенешкахь дацаран ц1ерметдешнаш схьа а лохуш,церан дожарш билгалдохур ду вай.
Лаьттан меха х1умма а яц.
Цхьаммо а халахетар ца дора цунна.
Сох аддам а тешар дац,ас и ма-дарра дийцича.
Хьалхарчу предложенехь - лаьттан меха яц (х1ун?) - х1умма а - дацаран ц1ерметдош ц1ерниг дожарехь ду
Халахетар ца дора цунна (хьан?) - цхьаммо а - дацаран ц1ерметдош дийриг дожарехь ду
Сох тешар вац (мила?) - аддам а - дацаран ц1ерметдош ц1ерниг дожарехь ду.
Т1едилар №1.
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.Т1адамийн меттана маь1ница дог1у ц1ерметдешнаш а дохкуш,д1аязйийр ю х1ара предложенеш:
Суна … ца оьшу шуьгара.
Амма иза … тергал ца вора.
И говр … сацалуш ца хилла.
… ца вевзира хьуна цигахь?
Г1оьнна дешнаш: цхьа а, х1умма а,цхьаьнгге а, цхьаммо а.
Тахана вайна ц1ерметдешнийн кхин цхьа тайпа а девзи-дацаран. Къамелехь царех пайда эца а, маь1ница уьш нийса билгалдаха а,церан дожаршца хийцадалар а,уьш дукхаллин терахьехь лелаш цахилар а хии.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур: 1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо. 3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.7. Мациев А.Г. "Чеченско-русский словарь" Соьлжа-г1ала ФГУПК "ИПК "Грозненский рабочий" 2010.8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. "Русско-чеченский словарь" Москва. Издательство "Русский язык" 2000.
urok95.ru
Александр Чеченский
Александр Николаевич Чеченский - герой Отечественной войны 1812 года, первый генерал из чеченцев (1780 - январь 1834).
Мальчиком он был пленен во время одного из набегов царских войск на родовое село имама Мансура Алды. Как это ни странно звучит, ему повезло, его взял на воспитание шестнадцатилетний подпоручик Николай Николаевич Раевский. Именно о Раевском Наполеон Бонапарт скажет: «Из таких генералов делают маршалов».
Подростка окрестили Александром Николаевичем Чеченским. Он рос в Каменке на Украине у матери Николая Раевского Екатерины Николаевны. Мальчик получил прекрасное образование: окончил Московский университет. Затем началась его военная карьера. Службу он начинает в чине вахмистра в Кизляре в Нижегородском драгунском полку, где командиром был его приемный отец. В 24 года Александр становится подпоручиком. В1805 году Чеченского переводят в Гродненский гусарский полк, где он командует полуэскадроном.
В 1805–1807 годах со своим полуэскадроном Александр Чеченский участвовал в боях с наполеоновскими войсками под Мышеницами, Гутштадтом, Аккендорфом. За отвагу в сражении под Прейсиш-Эйлау Чеченский награжден орденом Георгия 4-й степени. Примечательно, что такой же орден за эти бои получил П.И. Багратион.
В 1808 году Александр Чеченский сражается против шведов в Финляндии. Когда в 1812 году полумиллионная армия Наполеона вторглась в пределы России, ротмистр Чеченский принимает командование над Бугским казачьим полком, участвует в боях под Витебском, А.Н. Чеченский. Рис. А.С. Пушкина. 1829 г.Смоленском, Тарутином. На Бородинском поле полк Чеченского сражается в составе кавалерийского корпуса атамана Платонова. А когда Наполеон занял Москву, полк Чеченского слился с отрядом подполковника Дениса Давыдова. Александр и Денис впервые встретились в Каменке, последний был кузеном приемной семьи Чеченского. В своих «Военных записках» Давыдов пишет: «Состоявшийся по кавалерии ротмистр Чеченский, вывезенный из Чечни младенцем и возмужавший в России. Росту малого, сухощавый, горбоносый, цвет лица бронзового, волосу черного, как крыло ворона, взора орлиного. Характер ярый, запальчивый и неукротимый: явный друг или враг; предприимчивости беспредельной, сметливости и решительности мгновенной».
Во всех партизанских вылазках проявляется храбрость Чеченского. 28 сентября 1812 года при освобождении села Ляхово русские воины под командованием Александра Чеченского взяли в плен 2 тысячи рядовых, 60 офицеров и одного генерала. За взятие Гродно без кровопролития Чеченскому был присвоен чин майора. В начале 1813 года Чеченский осадил Дрезден. Город сдался ему без боя. Давыдов доносил в своем рапорте: «…Чеченский отличился, это его привычка». А потом были сражения за Рейхенбаум, Бауцен, Люцин, Оснабрюк, Делич, Толх… Полк Чеченского участвовал в исторической «битве народов» под Лейпцигом. За сражение под Лионом с 70 тысячной армией Наполеона Александр Чеченский был награжден орденом Святой Анны с бриллиантами. После взятия Парижа полковник Чеченский в свите царя участвует в торжественном параде на Елисейских полях. Грудь полковника украшали серебряные медали «За вступление в Париж» и «В память 1812 года». Наступил долгожданный мир. Александр женится на дочери действительного статского советника Екатерине Бычковой. У них было шестеро детей: Софья, Александра, Николай, Вера, Надежда, Екатерина.
С января 1816 года он командует Литовским уланским полком. В 1822 году его производят в генерал-майоры. Он служит еще два года, пока подорванное военными походами здоровье не вынуждает его уволиться.
К своей чести и нашей гордости Александр Чеченский не пришелся ко двору. У него не было наград и милостей, кроме тех, которые он заслужил кровью, защищая Отечество.
urok95.ru
Урок №04 Предложени.
Цкъа хьалха юьхьанцарчу классашкахь предложенех лаьцна аша 1амийнарг карладоккхур ду: 1) Къамел предложенех лаьтта.2) Предложени дешнех лаьтта.3) Предложенино гойту кхочушхилла яьлла ойла.4) Предложенеш хуьлу: дийцаран, хаттаран, айдаран5) Предложени язъян йолайо доккхачу элпаца.Х1инца хьовса х1окху жимачу тексте:Т1екхечи дашо гуьйре. Дитташ т1ера охьаоьгу г1аш. Г1арг1улийн сингаттаме аьзнаш хеза. Аренашкара ялташ чудерзийна. Юьртахой 1аьнна кечлуш бу. Х1окху текстехь пхиъ предложени ю. Х1орамма а кхочушхилла яьлла ойла гойту. Уьш дийцаран предложенеш ю. Цара дуьйцу гуьйренах лаьцна.Кхочушхилла яьлла ойла гойтуш, вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхеттачу дешнех я цхьана дашах предложени олу.Предложени язъян йолайо доккхачу элпаца. И чекхъяьлча, т1адам буьллу я маь1ница йог1у хьаьрк (!, ? ) х1оттайо. Масала:Аьхкенан суьйре самукъане ю.Хьо хиллий цкъа а тхан юьртахь? Ма хаза ду вайн 1алам!Х1инца х1окху дешнех предложени х1отто хьовса:Хехкало, тIехь, бераш, салазаш, IайПредложени иштта хила еза:Iай бераш салазаш тIехь хехкало.Ткъа х1инца грамматически лард къастор ю, иза сказуеми, подлежащи ду: (ХIун до?) хехкало – сказуеми ду, хехкало (муьлш?) – бераш – подлежащи ду.Х1окху дешнех а предложени х1отто хьовсур ду:хаза, седарчий, лепа, мел Иза иштта хир юМел хаза лепа седарчий!Х1окху предложенин а грамматически лард схьалаха:(ХIун до?) – лепа – сказуеми ду, лепа (хIун?) седарчий – подлежащи ду.Оьшучохь сацаран хьаьркаш а хIиттош, предложенеш къасто хьовса:Iа чекхдолуш доллура олхазаршна а, акхарошна а тIехIиттинарш уггаре хала денош дара оцу хенахь хьуьн чохь хIума кIезиг хуьлу.И болх нийса бинехь, предложенеш кху кепара хила еза. Iа чекхдолуш доллура. Олхазаршна а, акхарошна а тIехIиттинарш уггаре хала денош дара. Оцу хенахь хьуьн чохь хIума кIезиг хуьлу.Ц1ахь шайн юьртах лаьцна жима дийцар язде.Кху т1ехь урок чекхйолу.ТIейогIучу урокехь дуьйцур ду предложенийн тайпанех лаьцна.Шун 1одика йойла! Марша 1ойла!
urok95.ru